ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Facebook-ехь кхо элп яздича къайладевр дуй те вай?


Архивера гайтаман сурт.
Архивера гайтаман сурт.

Фейсбук (Facebook) социалан машано миллионаш нахах лаьцна хаарш кхечу фирманашна дохкар бахьана долуш шайн цу сайта тIера агIонаш дIайойъуш бу Малхбузера социалан машанаш лелорхой.

ХьастагIа гучудаьлла ма-хиллара, даханчу шарахь Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь харжамийн кампани дIайоьдучу муьрехь Цукерберг Марко куьйгаллла дечу концерно Iамеркерчу Cambridge Analytica фирмина йоьхкина хилла, мел кIезга а, 50 миллион сайт лелорхойх йолу информаци. Ткъа цу фирмано информацех пайда эцна, Трамп Доналдана президентан харжамашкахь толам баккхийта.

Иза гIардаьллачул тIаьхьа Фейсбукан куьйгалхочо Цукербергс мукIарло дина хиллачун. Бакъду, цо иштта билгалдаьккхина, и агIо лелочийн шайн бехк бу шайх лаьцна информаци хийрачаьрга кхачарна, аьлла. ХIунда аьлча, цо аларехь, юзерша шаьш бакъо ло Фейсбукна шайх долу хаарш кхечаьрга дIадала.

Дийна цхьа могIа цIеяхханчу наха цул тIаьхьа Фейсбукера шайн агIонаш дIайайъина. "Deletefacebook" я, нохчийн маттахь аьлча, „Фейсбук дIайайъа“ цIе тиллинчу хештегца йолийначу акцехь дакъалоцуш эзарнаш наха хIинцале а дIаяьхна шайн цу социалан машанера агIонаш.

Хууш ма-хиллара, нохчашна вуно езаш ю Фейсбук. Вуй-те цхьа а deletefacebook акци бахьана долуш цу сайта тIера дIаваьлларг хууш дац. Амма бакъду, Фейсбуко цунах пайда оьцучу нахах лаьцна информаци хийрачаьрга дIало боху хаам баьржинчул тIаьхьа ша-башха лелар юкъеадаьлла цу социалан машанерчу нохчашлахь.

Цхьаммо цавевзачо баржийна шен агIо тешаме ю-яц къасто луучо шен я кхечеран хаамийн ленти тIехь "BFF" кхо элп яздан деза аьлла. И элпаш баьццарчу басе дерзахь, аккаунт тешаме хиларан билгало ю, ткъа Iаьржа уьш дисахь, тIаккха хьан агIонах хийрачара пайда оьций хаа ду. Иштта дуьйцуш и хIума беламе хетахь а, бIеннаш вайнаха, шайна юкъахь гIеметтахIиттина нах а болуш, и элпаш хIиттш болу масех де ду.

Фейсбук лелочарна юкъахь ву Венера Ташухаджиев Iаьрби а. Цо ша ца хета боху наха шаьш шайх долу хаарш интернетерчу сайтийн кара дIа а лой, юха цул тIаьхьа шайх йолу информаци гIаряьккхина хиларх уьш цецбийлича: „Интернет шайн карахь цуьнан догIанаш а долуш, цу чуьрчу информацина тIекхача аьттонаш а болчу наха йиллина ю.

Ахь хьайх йолу информаци хьайн лаамца цаьрга дIалуш ю. Хьан коьрта чохь а, кисан чохь а, тIорказ чохь а йолуш санна дац и информаци ахь цу чохь яздинчул тIаьхьа. Сан сайн а ю цу чохь аккаунташ. Ша ца вовзийта интернетера араволучу стагах со кхеттане а ца кхета“.

Цу юкъана Фейсбукана гонахьара IалагIож кхин дIа а шорлуш ю. Цу концернан куьйгалхочо Цукерберга уггаре а даккхийчу немцойн газетийн дийна агIонаш а эцна, царна тIера шена къинтIера довлар дехна Европерчу Фейсбуклелорхошка. Шен концернан куьйгалло шайгахь йолу информаци шаьш кхоччуш лар ца ярна шайх тешам барх кхета ша элира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG